Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Массо а яхІудхой, бен-яманхой, цаьрца цхьаьна баха охьахевшина болу, Эпрайман а, Маннашан а, ШимІин а тайпанашкара болу нах тІегулбира цо, хІунда аьлча Аса-паччахьан Веза Дела Асица вуйла шайна хиъча, дукхахболу исраилхой цуьнгахьа бевлира. Асас паччахьалла деш долчу пхуьйтталгІачу шеран кхоалгІа бутт болуш, уьш Ярушалайме схьагулбелира. Шаьш яьккхинчу хІонсана юкъара ворхІ бІе бежана а, ворхІ эзар уьстагІ а Везачу Элана сагІина беара цара цу дийнахь. Шайн доггах а, дерриг синца а шайн дайн Дела волу Веза Эла лаха барт бира цара. Ткъа Исраилан Веза Дела лохуш воцу муьлхха а вен веза, иза жима велахь я воккха велахь, иза стаг велахь я зуда елахь. Турбанашший, маІашший лоькхуш, чІогІа мохь тоьххна, Везачу Элана тешаме хиларан дуй биира цара. Массо а яхІудхой сакъераделла бара оцу дуй баарх, хІунда аьлча цара доггах деш дара иза. Дерриг а синца Веза Эла лоьхура цара, ткъа Цо цаьрга Ша каравойтура. Церан махкана гонах, массо а агІор, маршо латтайойтура Везачу Эло.
Выбор основного перевода