Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
ЯхІуд-махкахь йолу гІаланаш, чІагІйина, дІахІиттийра, мохк цу хенахь маьрша болу дела. Цу шерашкахь Асин махкахь тІом бацара, Везачу Эло цунна маршо елла дела. Асас яхІудхошка элира: «ХІара гІаланаш, дІа а хІиттийна, царна гонах пенаш дийр ду вай, шайна тІехь бІаьвнаш а йолуш. Иштта кевнаш а дийр ду, царна тІе гІораш а дохкуш. ХІара латта хІинца а вайн долахь ду, хІунда аьлча вайн Веза Дела вай лийхира. Вай Иза лехна дела, Цо вайна массо а агІор маршо а елла». Цара гІаланаш а дІахІиттайора, церан кхиамаш а хуьлура. Массо а яхІудхой сакъераделла бара оцу дуй баарх, хІунда аьлча цара доггах деш дара иза. Дерриг а синца Веза Эла лоьхура цара, ткъа Цо цаьрга Ша каравойтура. Церан махкана гонах, массо а агІор, маршо латтайойтура Везачу Эло.
Выбор основного перевода