Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
ЯхІушаптис хІордкеманаш дайтира, Апар-махкара деши схьадархьама. Амма уьш цига дІа ца кхечира. Новкъахь Іецйон-ГІебаре дІакхочуш хІордкеманаш, доха а доьхна, хІаллакьхилира. ТІаккха Ахьабан кІанта Ахьаз-ЯхІус ЯхІушаптига элира: «Сан ялхой хьан ялхошца цхьаьна бахийта вай хІордкеманаш тІехь?» Амма ЯхІушапти реза ца хилира иза дан. Кхечу мехкашца йохкаэцаран гІуллакхна вовшахтоьхна хІордана тІехула лелаш хинкеманаш дара Сулим-паччахьан. Хьирам-паччахьан хІордахоша леладора и кеманаш. ХІора кхаа шарахь цкъа хІордкеманаш, деши, дети, пийлан кІомсарш, маймалш, тІаус-олхазарш а дахьаш, юхадоьрзура.
Выбор основного перевода