Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Халкъ тийшира. Исраилхошна хиира, шайн баланаш а гина, Везачу Эло шайн гІайгІа бойла. Цунна хьалха гора а хІиттина, суждана бахара уьш. И охьайоьссина цІе а, цу Везачу Элан ЦІенна тІе доьссина долу Цуьнан сийлаллин нур а шайна гича, майданахь болу берриг а исраилхой бертал ийгира. Везачу Элана хастамаш бира цара, Иза дика волу дела а, Цуьнан безам цкъа а хедар боцу дела а. Іезара декъал вира Воккха Дела волу Веза Эла. Дерриг а халкъо, шайн куьйгаш стигала хьала а дохуьйтуш: «Амин!» элира. Цул тІаьхьа, шайн яххьаш лаьтта кхаччалц охьа а таІийна, Везачу Элана Іибадат дора цара.
Выбор основного перевода