Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
СеІир цІе йолчу махкара Эдом олучу меттехь Іаш волчу шен веше Іесаве хаам бан нах бахийтира Якъуба. Иштта, дІавахна, СеІир-махкахь ваха хиира Іесав (я Эдом). Иштта, Эдоман халкъо шен махкахула дехьа а ца бовлийтина, кхечу новкъахула дІабахара исраилхой. СеІир-лаьмнаш тІехь бехачу шайн гергарчу къомах болчу Іесавах схьабевллачийн лаьттахула чекхдовла дохкуш ду шу. Уьш шух кхералур бу, делахь а шу ларлуш хилалаш. Аша цаьрца тІом ма болабелаш, хІунда аьлча Ас церан латтанех ког тІебиллал а латта лур дац шуна. СеІир-лаьмнаш – иза Эдом-мохк бу – Ас Іесаван тІаьхьенна дІабеллера иза, цуьнан долахь хилийтархьама. МостагІалла ма доладелахь муабахошца, ма болабелахь цаьрца тІом, хІунда аьлча Аса оцу лаьттах зил а лур бац хьан кара. Ас ЛутІин тІаьхьенна дІаелла Іар-гІала, цаьрга дола дайта». Іамминхошна хьо гергакхаьчча, цаьрца мостагІалла а ма леладе, цаьрца тІом а ма бе. Ас Іамминхойн лаьттах цхьа а меттиг лур яц хьан кара. Ас и латта ЛутІин тІаьхьенна дІаделла“». Цул тІаьхьа муабахой а, Іамминхой а, цаьрца цхьаьна цхьаболу маІунхой а ЯхІушаптина тІамца чугІоьртира. Цара, маьхьарий а детташ, хастамаш бечу хенахь, Везачу Эло яхІудхошна тІегІорта баьхкинчу Іамминхошна а, муабахошна а, СеІир-ломарчу бахархошна а дуьхьал кІело йийраш дІахІиттийра. Уьш ийшира. Іамминхой а, муабахой а СеІир-ломарчу бахархошна чугІоьртира, уьш байина дІабахархьама. Шаьш СеІир-ломара бахархой хІаллакбина бевлча, цара вовшийн байира.
Выбор основного перевода