Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Хьуна хьалхахь цхьана а тайпана бехк бац сан, ткъа хьо, суна тІамца дуьхьал а ваьлла, вонаш деш лелаш ву. Кхелахо волчу Везачу Эло йойла вайна юкъахь кхел, исраилхошний, Іамминхошний юкъара Цо хоржийла бехке верг“». Иза шен Везачу Деле кхайкхира. Цо элира: «Веза Эла! Ницкъболчарна дуьхьалвалархьама гІорасиза волчунна гІо далуш, Хьо воцург, цхьа а вац. Тхан Веза Дела, гІо дехьа тхуна, хІунда аьлча Хьох тешна ма ду тхо, Хьан цІарах хІокху доккхачу эскарна дуьхьалдовлуш долу. Веза Эла! Хьо ву тхан Дела! Цхьа а адам ма тоьлийла Хьол». qac Рqac*ечІанна чуьра сан когаш Цо схьабахарна, сан бІаьргаш даим а Везачу Элехьа бирзина бу. Делан цІийне хьалаволучу новкъахь олу назма. Ас сайн бІаьргаш лаьмнаш долчу дІахьажабо, сайна гІо стенгара схьакхочур ду а хоьттуш. ГІо Везачу Элера хир ду суна, стигал а, латта а кхоьллина волчу. Делан цІийне хьалаволучу новкъахь олу назма. Хьоьга хьалахьажабо ас сайн ши бІаьрг, стигалшкара паччахьалла деш Верг! Лай шен олахочуьнга ма-хьежжара, зуда-лай шен зуда-олахочуьнга ма-хьежжара, вайн Везачу Деле хьоьжуш ду вай, Цо вайх къинхетам баллалц. Амма, сан Хьалдолу Эла, Хьуна тІе хьажийна бу сан бІаьргаш. Хьоьгахула со ларвеш ву, дІа ма тасалахь сан са! Цо кІадвеллачунна ницкъ а ло, хІоьттинчунна гІора а ло. Ур-атталла кегий нах кІад а ло, хІотта а хІутту, ур-атталла къонанаш, гІел а белла, охьаэга. Амма Везачу Эле хьоьжуш болчара шайн ницкъ карлабоккху. Аьрзунан тІемаш шайн хилча санна, уьш лакхахь оьхуш хир бу. Бевдча а, уьш хІуттур бац, новкъа дІабахача а, уьш кІадлур бац.
Выбор основного перевода