Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Шайн дегнаш а, шайн синош а Делехьа дерзаде, шайн Веза Дела лахархьама. ДІа а хІиттий, Везачу Далла лерина деза цІа де, цу чу Везачу Элаца бинчу бертан тІорказ а, Далла леринчу гІуллакхна лелош йолу язйина пхьегІаш а охьаяхкархьама». Ша паччахьалла дан волавеллачу юьхьарчу хенахь шен дайх волу Дауд хьалха лелла хиллачу некъашкахула а лелаш, ЯхІушапти БаІалан цІушна тІаьхьа ца хІоьттина дела, цуьнца Веза Эла вара. Делахь а, хьох диканиг доллуш а карийна Цунна, хІунда аьлча, ЯхІуд-махкара Ашера-далла лерина долу дечиган бІогІамаш дІа а даьхна, хьайн дог Дела лахарна тІедерзийна ахьа». Цигахь, АхІава-хи долчохь, аса хаам бира, оха массара а марха кхаба деза аьлла. Аса иштта цаьрга дІаэлира, оха массаьрга а Далла хьалха тхешан дог эсала дан а деза, Деле тхан а, тхан берийн а, тхан бахаман а некъ дика хилийтар деха а деза аьлла. ДІахІоттадейша Далла марха кхабар, схьакхайкхийша халкъ динан гуламе, схьакхайкхийша къаной а, кху мехкан берриг а бахархой а шайн Везачу Делан цІа долчу. ГІо доьхуш кхайкхийша, кхайкхийша Везачу Эле! Лакхийша маІа Цийон-лам тІехь, дІахІоттадейша Далла марха кхабар, кхайкхийша халкъ динан гуламе. ТІаккха тийшира Делах Нунав-гІалин бахархой. Цара кхайкхийра марха кхабар. Воккхачо а, жимачо а вон тІедеача юхуш йолу бедарш тІеюьйхира.
Выбор основного перевода