Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Амма Мусас халкъе элира: «Кхера а ца кхоьруш, дІахІиттий латта, Везачу Эло тахана шаьш кІелхьардахар гур ду шуна. ХІинца гуш болу мисархой кхин цкъа а гур бац шуна. Везачу Эло шун дуьхьа тІом бийр бу, шун хІумма а дан ца деза». Амма Везачу Элана дуьхьал ма довла. Цу махкахь Іачу халкъах а ма кхера, цунах вайна ижу хир ю. Уьш ларбан цхьа а вац, ткъа вайца Веза Эла ву. Ма кхера царах!» Ас шуьга элира: „Кхера а ма ло, оза а ма ло царах. Шун Веза Дела шуна хьалхаваьлла воьдуш ву. Цо шуьгахьа тІом бийр бу, Мисар-махкахь шун бІаьргашна гина ма-хиллара. ЧІагІлолаш, доьналла долуш хилалаш, царах кхера а ма лолаш, Іада а ма делаш, хІунда аьлча шун Веза Эла Ша хьалхавер ву шуна. Иза шух дІавоьрзур а вац, Цо шу дІатосур а дац». Веза Эла Ша гІур ву хьуна хьалхаваьлла, Иза шуьца хир ву. Иза хьох дІавоьрзур а вац, Цо хьо дІатосур а вац. Кхера а ма ло, дог а ма доха». Кхузахь гулделлачу дерриг а халкъана дІахуур ду Везачу Эло туьраций, гоьмукъций ца воккхийла кІелхьара, хІунда аьлча тІом Везачу Элан карахь бу. Цо шу тхан кара схьа а лур ду». Ара а ваьлла, Асина тІе а вахана, цо элира: «Аса-паччахь, ахьа а, массо а яхІудхоша а, бен-яманхоша а, ладогІа соьга! Веза Эла а шуьца хуьлу, шу Цуьнца хилча. Аша И лахахь, шуна карор ву Иза. Ткъа аша Иза дІатасахь, Цо шу а дІатосур ду. «ЧІагІлой, доьналла долуш хилалаш! Ашурхойн паччахьах а, цуьнца долчу доккхачу эскарх а кхера а ма лолаш, ийза а ма лолаш, хІунда аьлча вайца дерг дуккха а ницкъ болуш ду, цаьрца долчул. Цаьрца берг адамийн ницкъ бу, ткъа вайца вайн Веза Дела ву, вайна гІо а деш, вайн дуьхьа тІом а беш волу». ТІаккха яхІудхойн паччахьан Хьузакх-ЯхІун дешнаша халкъ чІагІдира.
Выбор основного перевода