Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Везачу Эло мисархой эшийча, хиира исраилхошна Цуьнгахь мел ницкъ бу, цундела Везачу Элах а, Цуьнан ялхочух Мусах а кхера а белла, цу шиннах тийшира уьш. Аса-паччахьо шен Везачу Далла дика а, нийса а хеташ долу гІуллакхаш дора. Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Кхорахьан тІаьхьенан назма. ХІара йиш «Іаламут» олучу мукъамехь ала езаш ю. Дела – вайн дІалочкъийла а ю, вайн ницкъ а бу, вай де доьхна хьаьвзича, гуттар а кийча волу гІоьнча а ву. Эпрайм-мехкан олахо Шамран-гІала ю, ткъа Шамранан олахо Рамли-ЯхІун кІант бен вац. Нагахь санна шу ца тешахь, шу чІагІдина хир дац’“». Цундела боху Хьалдолчу Эло: «Хьажал, Ас Цийон-лам тІе тІулг охьабуьллу. Иза зийна а, беза а тІулг бу, ткъа иза соне буьхана дІахІоттийна бу. Цунах тешна Іаш верг ведда дІаваха везаш вац. ХІара дешнаш ТакхоІарчу жаІуйх цхьаъ волчу Іамосан ду. Цунна уьш, Исраилан халкъах хиндолчух лаьцна шена сурт хІоьттича, хезнера. Иза, яхІудхойн паччахьо Іузи-ЯхІус а, исраилхойн паччахьо, ЯхІуашан кІанта, ЯрбаІама а паччахьалла дечу хенахь, мохк бегабале, ши шо хьалха дара.
Выбор основного перевода