Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иза, Іуьйранна хьалххе хьала а гІоттий, гІалина чувогІучохь лаьтташ долчу кевнна уллохь дІахІуттура. Шена уллохула паччахьна тІе цхьа гІуллакх эцна воьдуш волу стаг гича, иза тІе а кхойкхий, Абушалама хоттура: «Хьо муьлхачу гІалара ву?» Нагахь санна стага «Исраилан халкъана юкъарчу ишттачу тайпанара хьан лай ву» аьлча, Паччахьо цаьрга элира: «Аша боххург дийр ду аса». Иза ков долчохь дІахІоьттира. Адам гІалара бІе а, эзар а стаг юкъахь йолчу тобанашца арадолуш дара. Дауд шина кевнна юккъехь Іаш вара. Кевнан тхов тІе ваьллачу гІаролхочун ша цхьаъ волуш ведда вогІучу стагах бІаьрг кхийтира. Паччахь воьхна хьаьвзира. Кевнна тІехула дина долчу цІа чу а вахана, вилхира иза. Цу тІе хьалаваьллачу хенахь цо бохура: «Сан кІант Абушалам! Сан кІант, сан кІант Абушалам! Хьан метта со велла велара, сан кІант Абушалам!»
Выбор основного перевода