Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шаулан кІентан ЯхІунатин кІант волчу Мапи-Бошата, Дауд волчу схьа а веана, цунна хьалха лаьтта кхаччалц шен корта охьатаІийра. Дауда цуьнга элира: «Мапи-Бошат!» Вукхо элира: «Кхузахь ву хьан лай». Дауда цуьнга элира: «Кхера ма лолахь. Хьан ден ЯхІунатин дуьхьа аса дика гІуллакх дийр ду хьуна: Хьан деден Шаулан тІаьхьенан массо а латтанаш хьуна юхадерзор ду, ткъа хьо массо а хенахь сан шуьн чуьра кхача баа йиш йолуш а хир ву». Мапи-Бошата, корта а тухуш, элира: «Хьан лай волу со, деллачу жІаьлел а оьшуш велахь а, ахьа хьайна тІеуьйзи». Шаулан ялхо хилла волу Цуба шена тІе а кхайкхина, Дауда элира: «Шаулан а, цуьнан массо а цІийнан а долахь хилла долу хІума аса хьан элан кІентан кІантана дІало. Ахьа а, хьан бераша а, хьан ялхоша а цуьнан латта лело деза, цу лаьтта тІера схьадаьлла долу напха иза волчу схьадан а деза, цуьнан кертахь массо а хенахь яа а, мала а хІума хилийта. Ткъа хьан элан кІентан кІант Мапи-Бошат со волчохь яа хІума юуш хир ву». (Цубин пхийтта кІант а, ткъа ялхо а вара.)
Выбор основного перевода