Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дауд ломан буьххьера жимма охьаваьлча, цунна дуьхьалкхийтира Мапи-Бошатан ялхо волу Цуба. Цо ялош яра мохь тІебиллина йолу ши вир. Царна тІе диллина ши бІе бепиг а, цхьа бІе курс кишмаш а, цхьа бІе стом а, чагІар чохь долу пІаьлдиг а бара. Паччахьо Цубига хаттар дира: «Стенна оьшу хьуна и мохь?» Цубас жоп делира: «Варраш паччахьан цІенна оьшур ю аьлла ялийна, царна тІехь дІасавахархьама. Бепиггий, стоьмашший тІемалошна даа деана. Ткъа чагІар яьссачу аренгахь болчу гІора дІадаьллачарна мала деана». Паччахьо элира: «Хьан элан кІентан кІант мичахь ву?» Цубас Даудана жоп делира: «Иза Ярушалаймехь сецна. Цо боху: „ХІинца исраилхоша суна сан ден паччахьалла схьалур ду“». ТІаккха Дауда Цубига элира: «Мапи-Бошатан мел хилла долу хІума аса хьуна дІало». Цубас элира: «Аса хьуна хьалха корта охьатаІабо, ва сан эла волу паччахь, хьо суна реза хуьлийла!»
Выбор основного перевода