Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Дауда Цубига элира: «Мапи-Бошатан мел хилла долу хІума аса хьуна дІало». Цубас элира: «Аса хьуна хьалха корта охьатаІабо, ва сан эла волу паччахь, хьо суна реза хуьлийла!» Дауд Махьанайме схьакхаьчча, Іамминхойн Рабба-гІалара волчу вахархочун Нахьашан кІанта Шобас а, Ладебарара вахархочун Іамиалан кІанта Макира а, РогІлаймарчу галІадхочо Барзалайс а цхьаболу мотт-гІайба а беара, цхьадолу боганаш а деара, иштта кхийра пхьегІаш а еара. Цара иштта кІа а, мукх а, дама а, кхерзинчу ялтин буьртигаш а, кхоьш а, хьозийн кхоьш а, моз а, даьтта а, уьстагІий а, аттера яьккхинчу шуьрех йина йолу кІалд а еара Даудана а, цуьнца хиллачарна а яа. Цара бохура: «Адам яьссачу аренгахь гІел а делла, мац а делла, хьаг а делла». Ткъа галІадхо волчу Барзалайн кІентех къинхетам бе, уьш хьайна тІе а озош, айхьа дола дечарна юкъа а бохуьйтуш. Цара дика гІо дира суна, хьан веших Абушаламах со кІелхьарволучу хенахь.
Выбор основного перевода