Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха суна дагадеара: „Сан элан дош суна синхьаам беш хуьлийла, хІунда аьлча сан паччахь волу эла Делан малик санна ву. Цо дикачунна а, вочунна а юкъахь башхо ян тарло. Ткъа хьан Веза Дела массо а хенахь хьоьца хуьлийла“, – аьлла». Хьан лай волчу Йоабан Іалашо и хІума вукху агІор гайтархьама яра, амма сан олахо хьекъалалла долуш ву, Делан малик хьекъалалла долуш ма-хиллара, кху лаьттахь долу массо а хІума хаархьама». Паччахьо элира: «Хьан элан кІентан кІант мичахь ву?» Цубас Даудана жоп делира: «Иза Ярушалаймехь сецна. Цо боху: „ХІинца исраилхоша суна сан ден паччахьалла схьалур ду“».
Выбор основного перевода