Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дауда цуьнга элира: «Кхера ма лолахь. Хьан ден ЯхІунатин дуьхьа аса дика гІуллакх дийр ду хьуна: Хьан деден Шаулан тІаьхьенан массо а латтанаш хьуна юхадерзор ду, ткъа хьо массо а хенахь сан шуьн чуьра кхача баа йиш йолуш а хир ву». Ахьа а, хьан бераша а, хьан ялхоша а цуьнан латта лело деза, цу лаьтта тІера схьадаьлла долу напха иза волчу схьадан а деза, цуьнан кертахь массо а хенахь яа а, мала а хІума хилийта. Ткъа хьан элан кІентан кІант Мапи-Бошат со волчохь яа хІума юуш хир ву». (Цубин пхийтта кІант а, ткъа ялхо а вара.) Мапи-Бошат Ярушалаймехь Іаш хилла, хІунда аьлча иза массо а хенахь паччахь волчохь яа хІума юуш хилла. Иза шинна а когана астагІа хилла. Схьало тхан кара Шаулан тІаьхьенах волу ворхІ стаг. Оха уьш Везачу Элана хьалха Цо къобалвина волу Шаул схьаваьлла йолчу ГебаІ-гІалахь ирхъухкур бу». Паччахьо элира: «Аса уьш шуьга дІалур бу». Шаулан кІентан ЯхІунатин кІант волчу Мапи-Бошатах къинхетам бира паччахьо, хІунда аьлча Дауданий, ЯхІунатиний юкъахь Везачу Элана хьалхахь йина чІагІо хилла. Дауда цаьрга Армунний, Мапи-Бошаттий дІавелира. Уьш бара Шаулна АяхІун йоІа Рицпата бина болу кІентий. Цо иштта Шаулан йоІа Мирабас вина волу пхи кІант а дІавелира. Уьш бара Шаулан йоІа Махьуларчу Барзалайн кІантана Іадриалана бина. Цо уьш гавІонхойн кара дІабелира, ткъа цара уьш Везачу Элана хьалха гу тІехь ирхъоьхкира. Уьш ворххІе а цхьаьна велира. Ялта чудерзочу хьалхарчу деношкахь белла дІабевлира уьш.
Выбор основного перевода