Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Далла а ма ле, халкъана тІехь хІиттийначу хьаькамашна неІалт а ма кхайкхаде. НеІалташ а кхайкхош, ШамаІис бохура: «ДІавала, дІагІо, сий доцуш волу нах бойург! Зуламхо! Везачу Эло бекхам бо хьуна, ахьа Шаулан тІаьхьенан цІий Іанор бахьана долуш а, цул тІаьхьа хьо цуьнан метта охьахаар бахьана долуш а. Везачу Эло паччахьалла дІаделла хьан кІант волчу Абушаламан кара. Ткъа хІинца хьо баланехь ву, хьо цІий Іанош верг хилар бахьана долуш». Царуятан кІанта Абушайс паччахье элира: «Оцу деллачу жІаьло сардамаш хІунда духку сан эла волчу паччахьна? Аса, ваха а вахана, цуьнан корта схьабоккхур бу». ПахІала элира: «Вежарий, суна ца хаьара иза динан коьрта да вуйла. Яздина ма ду: „Хьайн халкъана тІехь волчу куьйгалхочунна лен ма ле“, – аьлла».
Выбор основного перевода