Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Абушалама шен эскаран коьрте Йоабан метта Іамасаъ дІахІоттийнера. Іамасаъ Исраилара ИтІар цІе йолчу цхьана стеган кІант вара. ИтІаран нана АбигІал яра. Иза Нахьашан йоІ а, Царуятан йиша а яра. Ткъа Царуят Йоабан нана яра. Паччахь волчу цІа а веана, Йоаба цуьнга элира: «Тахана бойучуьра хьо а, хьан кІентий а, зудабераш а, хьан зударий а, гІарбаш-зударий а кІелхьарбаьхна волчу хьан массо а тІемалочунна а эхь хетийти ахьа. Хьо цавезарш беза хьуна, ткъа хьо везачаьрца цабезам кхоллало хьан. Цундела тахана массарна а гайти ахьа, хьан тІеман хьаькамаш а, церан тІемалой а хьайна хІумма а ца хетийла. Тахана суна хиъна, тхо массо а хІаллак а хилла, Абушалам дийна висина хиллехь, хьо цу балхана реза хирг хилар. Ара а валий, вистхила хьайн тІемалошка. Церан дог эца! Аса Везачу Элах чІагІо йо хьуна, хьо царна дуьхьал ца хІоттахь, хІара буьйса дІаялале, хьуна уллохь цхьа стаг вуьсур ма вац аьлла. Иза хьо бер долчу дийнахь дуьйна хьуна гиначарел уггаре а боккха бохам хир ма бу хьуна». „Мисар-махкара Сайн Исраилан халкъ Айса арадаьккхичхьана дуьйна схьа, Исраилан тайпанийн мехкашкара цхьа а гІала ца къастийра Аса, Сан цІе язъян лерина цІа хилийтархьама. Амма хІинца Дауд-паччахь хаьржина Ас Сайн Исраилан халкъана тІехь олалла дайта!“ Изабала Эли-ЯхІуна тІе геланча вахийтира, цуьнга дІаала: «Деланаша, шайн лааме хьаьвссина, луьра таІзар дойла суна, нагахь аса, кхана хІара хан тІекхачале, оцу пайхамарех хІоранна а диннарг хьуна а ца дахь».
Выбор основного перевода