Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхин а, диц ца долуьйтуш, дагалацалахь, Бахьрум олучу меттигера бен-яманхочун Герин кІант ШамаІи а ву хьуна. Со Махьанайм олучу меттиге воьдучу хенахь, цо чІогІа сардамаш доьхкира суна. Иза Йордан-хин йистехь сайна дуьхьал кхетча, аса Везачу Элах дуй биънера, айса, тур тоьхна, иза вуьйр вац аьлла. Ткъа хьуна хьайна а хуур ду, хьо хьекъал долуш хиларе терра, иза шен цІий Іанорца эхарте вахийтархьама айхьа дан дезарг». Нагахь хьо, кху гІалин чуьра ара а ваьлла, Кхидрун-хих дехьа валахь, хьо вуьйр ву, ткъа иза хьан-хьайн бехкенна а хир ду». ТІаккха ЯхІу-ЯдаІан кІанте БенъяхІуга Сулим-паччахьо омра дира, ШамаІи ве аьлла. Вукхо, вахана, иза вийра. Иштта велира ШамаІи. Цу хенахь дуьйна Сулим-паччахьан паччахьалла чІагІделла лаьтташ дара.
Выбор основного перевода