Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІинца бен ца волавелла со иза Деле веха? Цу тІехь сох а, сан цІийнах болчарах а бехк ма баккхахьара ахьа, хІунда аьлча цу доллучу хІуманах хьан лай волчу суна хІумма а ца хаьа». Массо паччахьан кІант вийна бохуш, хьайн дагна хало ма елахь. Вийнарг Амнан бен вац хьуна». Дауд Бахьруме дІакхаьчча, цигара Шаулан цІийнах волу цхьа стаг аравелира. Цуьнан цІе ШамаІи яра. Иза Герин кІант вара. ШамаІи, неІалташ а кхайкхош, Даудана а, цуьнан ялхошна а тІулгаш кхуьссуш вогІуш вара. Делахь а, массо а эскархой а, майра нах а паччахьна аьтту а, аьрру а агІор дІахІиттина бара. НеІалташ а кхайкхош, ШамаІис бохура: «ДІавала, дІагІо, сий доцуш волу нах бойург! Зуламхо! Везачу Эло бекхам бо хьуна, ахьа Шаулан тІаьхьенан цІий Іанор бахьана долуш а, цул тІаьхьа хьо цуьнан метта охьахаар бахьана долуш а. Везачу Эло паччахьалла дІаделла хьан кІант волчу Абушаламан кара. Ткъа хІинца хьо баланехь ву, хьо цІий Іанош верг хилар бахьана долуш». Царуятан кІанта Абушайс паччахье элира: «Оцу деллачу жІаьло сардамаш хІунда духку сан эла волчу паччахьна? Аса, ваха а вахана, цуьнан корта схьабоккхур бу». Амма паччахьо элира: «ХІун дийр ду аса шуна, Царуятан кІентий? Вита иза. Везачу Эло цуьнга со сийсазваккха аьлла хилча, цуьнга: „Ахьа иза хІунда леладо?“ – ала мила ву?» Дауда Абушайга а, шен массо а ялхошка а элира: «Сох схьаваьлла волу сан кІант а со вен араваьлла хилча, хІокху бен-яманхочун хІун бехк бу? Іадвита иза, дохкийта цуьнга сардамаш, хІунда аьлча Везачу Эло цуьнга иштта аьлла. Тахана сан бала Везачу Элана дІагича, таханлерчу сардамийн метта Цо суна декъалдар юхадала а мега». Дауд а, цуьнца хилларш а шайн новкъахула дІабоьлхуш бара, ткъа ШамаІи Даудана тІаьхьаваьллачуьра дІа ца волура. Ламанан басехула схьавогІуш вара иза, Дауд волчу агІор тІулгаш а, чан а кхуьйсуш. Цундела толам баьккхина долу де дерриг а эскарна гІайгІане де хилла дІахІоьттира, хІунда аьлча массарна а хиира паччахь шен кІант бахьана долуш гІайгІане вуйла.
Выбор основного перевода