Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІинца, ваха а гІой, Іамалекхана тІелата, цуьнан мел долу хІума, къинхетам ца беш, хІаллакде. Массо а ве: зударий, божарий, бераш, декхаш долу бераш. Дерриг: етт, сту, уьстагІ, эмкал, вир – ша мел долу хІума, дей, дІадаккха“». Шаула элира: «Уьш Іамалекх волчуьра схьадалийна ду. Оха тоьлла долу уьстагІий а, стерчий а хьан Везачу Далла лерина сагІа даккха дитира, кхин дерш хІаллакдира». Ткъа наха шайна яьллачу ижуна юккъера тоьлла долу уьстагІий а, стерчий а схьахаьржира Галгалахь хьан Везачу Далла лерина сагІа даккха». Везачу Эло бохучуьнга ахьа ла ца дуьйгІира. Іамалекхахошна чІогІа оьгІаз а вахана, Цуьнан омра кхочуш ца динера ахь, цундела тахана Везачу Эло хьуна иза до. КхозлагІчу дийнахь Дауд а, цуьнан накъостий а схьабаьхкира ЦакхелагІ-гІала. Ткъа Іамалекхахоша, НегІаб цІе йолчу яьссачу арахь йолчу ЦакхелагІана тІе а летта, гІала ягийнера.
Выбор основного перевода