Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен долахь долчух стага, гуттаренна а, Везачу Элан дІа ца боьрзу бахам санна, лерина мел хилийтинарг – я адам, я даьхни, я кха – духкуш а, юхаоьцуш а хила мегар дац. Везачу Элана дІа ца боьрзу бахам мел хилийтинарг Цунна бен дІакъастийна дац. Везачу Элана дІа ца боьрзу бахам санна мел хилийтина адамаш а юхаэца мегар дац – уьш дайа дезаш ду. Ткъа шун Везачу Дала шун дола схьалуш долчу лаьттахь йолчу гІаланашкахь цхьа а чохь са долу хІума дийна ма йиталаш. Шун Везачу Дала тІе-ма-диллара, Цунна дІа а къастадай, хІара халкъаш кхоччуш дакъазадаха: хьетахой а, эмархой а, канаІанхой а, перезахой а, хьаьвихой а, явсайхой а. Иза делаш, шайн деланашна цара лелош долу дегаза гІуллакхаш дан шайна цаьрга Іама а дойтуш, шайн Везачу Далла дуьхьал къа ца латорхьама. Амма аша цхьа а хІума схьа ма эца, шайна бохам ца хилийта. Везачу Элана леринчух цхьа хІума схьаэцахь, исраилхойн меттаматтана хІаллакьхиллал зен дийр ду аша. Кху гІалахь хІун ду хьажа хьалха ваийтинчу шина жимачу стаге ЮшаІа элира: «Нахаца лелачу цу зудчун цІа чу а гІой, иза а, цуьнан гергара нах а арабаха, шаьш цунна чІагІо йина ма-хиллара». Динан дай Іийна йолчу Нуб-гІалара адам а хІаллакдира цо шен туьраца. Царна юкъахь зударий, божарий, кІегий нах а, бераш а дайира цо. Стерчий, варраш, уьстагІий дайина дІадехира, тур детташ.
Выбор основного перевода