Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Дауда Натига элира: «Везачу Элана хьалха аса къа латийна». Натас Даудана жоп делира: «Везачу Эло ахьа латийначу къиношна гечдо хьуна. Хьо лийр вац. Адамех кхерар – стагана хІоттийна гур бу, ткъа Везачу Элана тІетевжаш верг кІелхьарвоккхур ву. Везачу Эло боху: «Со-суо ву шун догъоьцуш Верг. Хьо хІунда кхоьру лийр волчу стагах, буц санна телхачу адамийн кІантах? Хьуна хІунда вицло хьо кхоьллина волу а, стигалш дІасаяржийна волу а, лаьттан баххаш дІахІиттийна волу а Веза Эла? Хьо хІаллакван кийча волуш волчу, хьуна гІело ечун дералла бахьана долуш, дерриг а дийнахь хьо хІунда кхоьруш лаьтта? Мичахь ю хьуна гІело ечун дералла? ТІаккха Пулата, халкъана луург а деш, Барраб дІахецийтира. Ткъа Іийса, шед а еттийтина, тІемалойн кара дІавелира жІарах дІатохийтархьама.
Выбор основного перевода