Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Тхайн Далла хастамаш беш йолу керла эшар йиллира Цо сан бага. Дукхахберш, иза а гина, ларамах буьзна а хир бу, Везачу Элах тешна а хир бу. Декъала ву Везачу Элах тешна Іаш волу а, цІушка дехарш деш воцу а, харцделанашна Іамал ечарах дІакхетта а воцу стаг. Алссам ду, сан Веза Дела, Ахь мел дина тамашийна гІуллакхаш а, тхох лаьцна Ахь мел йина ойланаш а. Хьоьца цхьа а вусталур ма вацара! Ахь мел динчу гІуллакхех лаьцна Ас дийцахь я кхайкхам бахь, церан терахь хьесап ца даллал доккха хир ма дара! Ахь дохучу сагІанашна дуьхьал эр дац Ас хІумма а – хьан дийнаташ дагоран сагІанаш гуттара а ду Суна хьалха. ХІетте а, Ас хьан цІентІера стерчий а схьаоьцур дац я хьан гІотанашкара бежалой а тІеоьцур яц. Бакъдерг а, нийсо а лелор Везачу Элана тамехь ду, сагІанаш дохучул. Багах долучу дешнашца а, дагара йолучу ойланашца а Далла хьалха хІума олуш сих а ма ло, аьрха а ма вала. ХІунда аьлча Дела стигалахь ву, ткъа хьо лаьттахь ву, цундела хьайн Цуьнца долу къамел доцца хилийта. Везачу Эло боху: «Суна стенна оьшу аша сел дукха сагІанаш дахар? УьстагІий дагоран сагІанех а, дустийначу даьхнин махьарах а тІехвуьзна ву Со. Стерчийн а, Іахарийн а, гезарийн а цІий Суна тамехь дац. Шу Суна дуьхьалхІитта даьхкича, хьан боху шуьга Сан керт хьеша. Ма кхехьа Суна ца оьшу совгІаташ. Суна вон хета аша, хаза хьожа йогІу хІуманаш а ягош, доху сагІанаш. Бутт цІинлун денош а, шоьтан денош а даздар а, дезачу деношкахь шун гулдалар а ца деза Суна. Харцонаш лелийначул тІаьхьа, аша динан гуламашкахь даздар Суна дегаза хета! Хих довла, цІанло, шайн зуламе гІуллакхаш Сан бІаьргашна хьалхара дІадаха, вониг ма де. Диканиг дан Іама, нийсо лелор лаха, гІело яр сацаде, вон гІуллакх нийсонца къастаде, йисина Іачу зудчун бакъонаш ларъе. Шун дай Мисар-махкара арабаьхначу дийнахь, Аса, цаьрга вист а хуьлуш, дийнаташ дагоран сагІанех а, вукху сагІанех а лаьцна цхьа а тайпа весет ца дира. Амма Аса цаьрга цхьа весет дира: „Соьга ладугІуш хила, ткъа Со шун Дела хир ву, шу Сан къам хир ду. Аса шайна тІе мел дехкинчу некъашкахула лела, шайн хьал дика хилийтархьама“, – аьлла. Шу тешаме хилар деза ду Суна, аша Сан дуьхьа дохучу сагІанел. Шуна Дела вовзийла лаьа Суна, Сан дуьхьа дийнаташ дагоран сагІанел. «Суна ца деза, Суна дегаза хета аша даздеш долу денош. Шун динан гуламаш Суна дегаза хета. Нагахь санна Суна лерина дийнаташ дагоран а, кІен а сагІанаш аша дахахь а, Аса тІеоьцур дац уьш. Со дІахьожур вац аша шайн дерстинчу даьхних Суна лерина даьккхинчу сагІане. Суна генаяккха лоькхучу хьайн эшарийн гІовгІа, хІунда аьлча хьан дечиг-пондарийн аьзнашка Ас ладугІур дац. Нийсо, доьду хи санна, дІагІойла, ткъа бакъдерг – лекъар доцу татол санна! «Стенца дІахІотта веза со Везачу Элана, стигалан Далла, хьалха, со Цунна Іамал ян веача? Шаре девлла эсий а далош, дийнаташ дагоран сагІанца дІахІотта те со Цунна хьалха? Амма эзарнашкахь кой дайарх я барам боцуш дукха татолашкахь зайтдаьтта Іенадарх там балур буй те Везачу Элана? Сайн дуьххьарлера доьзалхо лой те ас Цунна сайгара даьллачу зуламна тІера, сайн кийрара схьабаьлла стом лой те ас Цунна сайн синан къиношна тІера?» Ва адам! ДІахаийтина-кх хьоьга диканиг хІун ду а, Везачу Эло хьоьга хоттун дерг хІун ду а. Иза ду – нийсонца лелар, тешаме хилар дезар, шен кІезигалла а хууш, хьайн Делаца лелар. Даха а гІой, хьажа Делан Йозанашкахь яздинчуьнга: „Суна шун вовшашца къинхетамалла хилар деза ду, аша Сан дуьхьа дохучу сагІанел“. Бакъахьара лелачаьрга кхайкхам бан ца веана Со, къинош летийначаьрга бен». Делан Йозанна тІера „Суна шун вовшашца къинхетамалла хилар деза ду, аша Сан дуьхьа дохучу сагІанел“ – бохуш долу дешнех шу кхеташ делахьара, аша бехк боцурш бехке бийр бацара. Иза хьайн доггах а веза, доллучу хьекъалца а, боллучу ницкъаца а, хьо санна веза хьайна уллораниг а – иза массо сагІанал а, цІий даккхарал а деза ду».
Выбор основного перевода