Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
амма хІинца хьан паччахьалла лаьттар дац. Везачу Элана хьан метта Шен даго къобалвеш волу стаг карор ву, иза Цо Шен халкъана тІехь баьчча вина дІа а хІоттор ву, хІунда аьлча ахьа Везачу Эло хьайна тІедиллинарг кхочуш ца дина». ЯхІунатас, чІагІо а еш, Даудана хаийтира шена иза мел веза, хІунда аьлча иза цунна, шен са санна, дукха везаш вара. ЯхІунатас цуьнга элира: «Кхана бутт цІинбаларан дезде ду. Хьан меттиг яьсса гича, хьо коьртах воккхур ву.
Выбор основного перевода