Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дауд, шеца болчаьрца ара а волий, гешурхошний, гирзахошний, Іамалекхахошний тІелеташ хилла. (И халкъаш дукха заманара дуьйна Шур-гІалина а, ур-атталла Мисар-махкана а тІекхаччалц дехаш хилла.) Церан бахам (уьстагІий а, стерчий а, варраш а, эмкалш а, тІеюху бедарш а) схьа а боккхий, Дауда я стаг а, я зуда а дийна дуьтуш ца хилла. ТІаккха иза Ахаш волчу схьавогІуш хилла. КхозлагІчу дийнахь Дауд а, цуьнан накъостий а схьабаьхкира ЦакхелагІ-гІала. Ткъа Іамалекхахоша, НегІаб цІе йолчу яьссачу арахь йолчу ЦакхелагІана тІе а летта, гІала ягийнера. Бен-Хьадида элира цуьнга: «Сан дас хьан дегара схьаяьхна хилла йолу гІаланаш аса хьуна юхаерзор ю. Хьайн долахь базарш хила а йиш ю хьан Дамасакхехь, сан ден а Шамран-гІалахь базар ма-хиллара». Ахьаба элира: «Вайшиммо и барт дІаязбинчул тІаьхьа аса дІахоьцур ву хьо». Иштта, Бен-Хьадидаца барт а бина, иза дІахийцира Ахьаба.
Выбор основного перевода