Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Эла дохковелира Ша лаьтта тІехь адамаш кхолларна. Цуьнан дог лозуш дара. ТІаккха Везачу Эло элира: «Со дохковаьлла, Айса Лаьттахь адам кхолларна а, массо дийна мел йолу хІума кхолларна а: Лаьттара дийнаташ а, текхаргаш а, хІаваэра олхазарш а, – и дерриге а хІаллакдийр ду Ас». Дела адам дац, Цо аьшпаш ца бутту. Иза адамех схьаваьлла вац, Цо Шена дагадеанарг ца хуьйцу. Ша йинчу чІагІонца ца лела ткъа Иза? Ша дийр ду аьлларг кхочушдийр дац ткъа Цо? ТІаккха Шамъала Шауле элира: «Ахьа иза чІогІа вон дина. Ахьа хьайн Везачу Дала хьайна тІедиллинарг кхочуш ца дина. Иза хьоьгара ца даьллехь, Исраилан махкахь хьан паччахьалла Дала массо а ханна чІагІдийр дара, ХІинца, ваха а гІой, Іамалекхана тІелата, цуьнан мел долу хІума, къинхетам ца беш, хІаллакде. Массо а ве: зударий, божарий, бераш, декхаш долу бераш. Дерриг: етт, сту, уьстагІ, эмкал, вир – ша мел долу хІума, дей, дІадаккха“». Исраилан халкъан сийлахьчу Дала харцдерг а дуьйцур дац, Иза дохко а вер вац, хІунда аьлча Дела адам дац Шен лаам хийца». Цул тІаьхьа Шамъална Шаул кхин ца гира ша велла дІаваллалц, амма цо цунах лаьцна шен дага чохь гІайгІа латтайора, хІунда аьлча Веза Эла дохковаьллера Ша иза Исраилан халкъана тІехь паччахь вина дІахІотторна. Везачу Эло Шамъале элира: «Мел хир ву хьо гІайгІане Аса Исраилан махкахь паччахь ца хилийта Сайна уллора дІатеттина волу Шаул бахьана долуш? Хьайн маІа зайтдаьттанах хьала а юзий, Байтлахам-гІала гІо. Аса цигахь вехаш волу Юшай волчу вохуьйту хьо. Цуьнан кІенташна юкъара Аса Сайна паччахь хаьржина». Ярушалаймана тІе шен куьг хьалаайира Малико, иза хІаллакьян дагахь, амма и бохам хилла дохковаьлла волчу Везачу Эло адам хІаллакдеш долчу малике элира: «Тоьар ду! ХІинца охьадахийта хьайн куьг». Везачу Элан малик цу хенахь явсайхо волчу Аравнин хьаьтта уллохь дара. Амма шу я шун тІаьхьенах болу паччахьаш Сох дІаберзахь, Ас шайна делла долу Сан весеташ а, Сан хьехамаш а дІа а теттина, кхечу деланашна тІе а дирзина, царна аша Іибадат дахь, тІаккха, Айса деллачу лаьттах а хадийна, дуьтур ду Ас Исраилан халкъ. Сайн цІе язъяйта къобалдина долу цІа а дІадоккхур ду Ас. ТІаккха, дерриге а халкъаша кицанна а, беламна а далош, дІахІуттур ду Исраилан халкъ.
Выбор основного перевода