Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іуьйранна хьала а гІаьттина, Далла корта а тоьхна, уьш шайн цІа долчу Раме юхабахара. Элкхан шен зудчуьнца дІавижинчул тІаьхьа Дала Хьанатан дехар Шена дагадаийтира. Цигахула ша чекхваьлча, иза Раме дІавоьдуш хилла. Цигахь дара цуьнан цІа, цигахь йора цо Исраилан халкъана юкъахь кхел. Кхузахь цо Везачу Элана лерина долу сагІа доккху меттиг кечйира. Шаул а ГебаІе шен цІа вахара. Цуьнца Дела шайн дага чу вижна болу майра нах а бара. Геланчаш Шаул Іаш волчу ГебаІ-гІала баьхкира. Цара шайна тІехІоьттинарг дерриг а халкъана дІадийцира. Массо а адам, мохь хьоькхуш, делха доладелира.
Выбор основного перевода