Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо элира: «Хастам бу Везачу Элана! Цо шу пирІунан куьйгах кІелхьардаьхна, ткъа хІара къам Мисаран олаллех паргІатдаьккхина. Дела хьайца хила лаахь, соьга ла а догІий, хьайна цхьа хьехар дайта. Далла а, нахана а юкъахь леларг хила, нехан гІуллакхаш Деле дІа а хоуьйтуш. Шен стунден маданхочун РаІалан кІанте Хьабабе Мусас элира: «Везачу Эло тхайна лур бу аьллачу махка доьлхуш ду тхо. Схьавола тхоьца, оха хьуна дика болх бийр бу, хІунда аьлча Везачу Эло Исраилан халкъана дуккха а диканиг дийр ду аьлла». Амма Хьабаба элира: «Со ца вогІу шуьца, сайн махка, сайн лаьтта тІе дІагІур ву со». ТІаккха Мусас дехар дира: «Тхо дІа ма тасахьа, хьуна дика евза хІара яьсса аре, тхуна некъ гойтуш, хьо хьалхаваьлча, дика хир дара. Хьо тхоьца вагІахь, Везачу Эло тхайна дина дика хьуна а кхочуьйтур дара оха». Мусан стунда волчу кхенахочун Итаран тІаьхье, яхІудхошца хурма-диттийн гІалара дІа а яхана, ЯхІуд-мехкан яьссачу аренга цигахь бехаш болчу нахана юкъахь Іен дІаяхара. И меттиг яра Іарод-гІалина генахь йоццуш. Цигахь, Хьебар цІе а йолуш, кхенахойх волу цхьа стаг вара. Иза шен халкъах дІакъаьстинера. (Кхенахой Муса-пайхамаран стунваша волчу Хьабабан тІаьхьенах бу). Хьабаба шен четар Кхедашана уллохь йолчу ЦаІнаним цІе йолчу меттехь ножан хьунна уллохь дІахІоттийнера. Ахаша хоттура Дауде: «ХІинца хьанна тІелеттера шу?» Дауда жоп лора: «НегІаб арахь болчу ЯхІуд-махкана», я цо жоп лора: «Яьссачу арахь болчу ярахьмиалхошна», я: «Яьссачу арахь Іаш болчу кхенахошна».
Выбор основного перевода