Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Со чІогІа дохковаьлла Айса Шаул паччахь вина дІахІотторах. Сох дІа а вирзина, Сан дош цо кхочуш ца дина». Иза шена хиъча, Шамъал чІогІа оьгІазвахара. Буьйса, Везачу Эле кхойкхуш, яьккхира цо. Везачу Эло Шамъале элира: «Мел хир ву хьо гІайгІане Аса Исраилан махкахь паччахь ца хилийта Сайна уллора дІатеттина волу Шаул бахьана долуш? Хьайн маІа зайтдаьттанах хьала а юзий, Байтлахам-гІала гІо. Аса цигахь вехаш волу Юшай волчу вохуьйту хьо. Цуьнан кІенташна юкъара Аса Сайна паччахь хаьржина». Шовкъ а еана, шена тІера бедарш дІа а яьхна, Шамъална хьалха Делера болу хаамаш беш дІахІоьттира иза. Цу дийнаххьий, бусий иза тІехь хІума а йоцуш Іиллира. Цундела олуш ду: «Шаул а ву техьа пайхамар?» Шамъал кхелхира. Массо а исраилхо иза дІаверзо схьагулвелира. Белхаршца, чІогІа халахетарца иза шен цІахь, Рамехь, дІавоьллира цара. Дауд, хьала а гІаьттина, лам тІера Паран олучу яьссачу аренга охьавоьссира.
Выбор основного перевода