Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Рапидаме а баьхкина, исраилхошца тІаме бевлира Іамалекхахой. Мусас ЮшаІе элира: «Къонахий а харжий, Іамалекхахошца тІом бан гІо. Кхана, гу тІе а ваьлла, дІахІуттур ву со, Дала тамашийна хІуманаш гойту Іаса сайн буйна а лаьцна». Мусас бохург кхочушдеш, Іамалекхахошца тІом бан вахара ЮшаІ. Муса а, АхІарон а, Хьор а гу тІе хьалавелира. Мусас куьйгаш хьалаайича, исраилхой тоьлура, ткъа цо уьш охьадахийтича, Іамалекхахой тулура. Амма Мусан куьйгаш, айина латтийна, дазделлера. ТІаккха иза тІулга тІе охьа а хаийна, АхІарона а, Хьора а, цхьацца агІор а ваьлла, цуьнан куьйгаш, хьала а айина, дІалецира. Малх чубуззалц айина латтийра цара Мусан куьйгаш. Иштта Іамалекх а, цуьнан халкъ а шен туьраца эшийра ЮшаІа. Везачу Эло Мусага элира: «ХІокху тІамах лаций тептар тІехь дІаязде, тІейогІучу тІаьхьенашна хІара дагахьлаттийта. Ткъа ЮшаІе ала, Ас Іамалекхахой лаьтта тІера тІепаза бойур бу алий». Цигахь сагІа доккху меттиг кеч а йина, цуьнан цІе, «Веза Эла сан байракх ю» аьлла, тиллира Мусас. Цо элира: «Везачу Элан меттигна дуьхьал куьг айина хилла дела, Цо Іамалекхахошца даим а тІом беш хир бу». Цу хенахь БалиІамна Іамалекхахой гира. Цо иштта дешнаш элира: «Массо а къаьмнашна юкъахь Іамалекхахойн къам хьалхарниг ду, амма эххар а иза дакъазадер ду!» «Дагахь латтаде Мисар-махкара шу схьадогІуш Іамалекхахоша шайна динарг: новкъахь уьш шуна тІелетира. Новкъахь шу кІадделла а, хІиттина а долчу хенахь, шуна тІехьа богІучу гІелбеллачарна тІелетира уьш. Ткъа уьш Деле ларамах буьзна бацара. Иштта шун Везачу Дала массо а агІор шун мостагІех шаьш паргІатдаьхча, шун долахь хилийтархьама шуна луш долчу лаьтта тІехь Іамалекхахойн къам дагадаийтар стигал кІелара дІадаккхалаш, иза диц ма делаш».
Выбор основного перевода