Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дела адам дац, Цо аьшпаш ца бутту. Иза адамех схьаваьлла вац, Цо Шена дагадеанарг ца хуьйцу. Ша йинчу чІагІонца ца лела ткъа Иза? Ша дийр ду аьлларг кхочушдийр дац ткъа Цо? Хьоьца ду, Веза Эла, возалла а, нуьцкъалалла а, сийлалла а, толам а, инзаре хазалла а. Стигалшкахь а, лаьттахь а мел дерг Хьан ду. Хьан ду, Веза Эла, паччахьалла а. Хьо ву массо а хІуманан Коьртаниг. Веза Эла волчу Ас аьллера. Айса аьлларг Аса кхочушдан деза хан тІекхаьчна. Аса кхин тІаьхьатоьттур яц и хан, хьох къа а хетар дац Суна, хьох къинхетам а бийр бац Аса. Хьан леларе а, ахь мел диначуьнга а хьаьжжина, Аса кхел йийр ю хьуна». Иштта боху Хьалдолчу Эло. Дала Шена тІебало хаьржинчарах лаьцна а, Ша динчу совгІатех лаьцна а бина болу Шен сацам цкъа а ца хуьйцу. Нагахь санна вай баланаш ловш делахь, Цуьнца цхьаьна паччахьалла деш а хир ду вай. Нагахь санна вай Цунах дІакъастахь, тІаккха Иза а вайх дІакъаьстар ву. Нагахь санна вай тешаме ца хилахь а, Иза-м хІетте а тешаме хир ву, хІунда аьлча Ша-Шех дІакъаьстийла дац Цуьнан». Дала ваІда а дина, Цо дуй а биъна. И ши хІума хийцалур доцуш ду, Дала харцдерг дийца йиш йоцу дела. Цундела Дела волчу девдда дІадахана долу вай чІогІа иракарахІиттийна ду, Дала вайна еллачу дегайовхонна тІехь латтархьама.
Выбор основного перевода