Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Элера долчу маликана Шур-гІала боьдучу новкъахь, шовданан йистехь, яьссачу арахь карийра ХІажар. Цхьа бІе ткъе вуьрхІитта шарахь а ваьхна, кхелхина ИсмаьІал шен дайх дІакхийтира. Цуьнан тІаьхьенаш Хьавил-лаьтта тІера Шур-гІалина тІекхаччалц ехаш яра. Мисар-мехкан дозанца йолу Шур-гІала Ашур-махка боьдучу новкъахь лаьттара. Шайн вежаршца бертахь а боцуш, бехаш бара уьш. Исраилхой Эрзан хІорда тІера дІабигира Мусас. Шур цІе йолчу яьссачу аренга кхечира уьш. Кхаа дийнахь цу аренгахула дІаоьхуш, хи ца карадора царна. Іамалекхана тІехь цо баьккхина толам бахьана долуш, Исраилан халкъ цуьнан талорхойх кІелхьардаьккхира. Дауд, шеца болчаьрца ара а волий, гешурхошний, гирзахошний, Іамалекхахошний тІелеташ хилла. (И халкъаш дукха заманара дуьйна Шур-гІалина а, ур-атталла Мисар-махкана а тІекхаччалц дехаш хилла.)
Выбор основного перевода