Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
«Ма мотталаш, Со товрат тІера хьехамаш я пайхамарша яздинарш дІадаха веана. Со и хьехамаш дІабаха веана вац, ткъа уьш кхочушбан веана ву. ХІинца керла гІуллакх тІедуьллу Ас шуна: вовшийн дезаш хила. Суна шу ма-деззара, иштта шуна а дезийла вовшийн. Шайна юьхьанца дуьйна хезнарг даим а латтаде шайн даг чохь. Нагахь санна иза иштта хилахь, Делан КІантаца а, Цуьнан Деца а йолу шун уьйр даим а лаьттар ю. Сан хьоменаш! ХІинца вай Делан бераш ду, амма кхул тІаьхьа вайх муьлш хир ду цкъа хІинца а дІа ца делладелла вайна. Вайна хаьа, Дала леррина Къобалвинарг веанчу хенахь, вай а Цунах терра хир дуй, Иза Ша ма-варра вайна гун волу дела. Юьххьехь дуьйна а вайна кхайкхийна болу хаза кхаъ вай вовшийн дезаш хила деза аьлла бу. Ткъа хІинца ас яздо хьоьга, зуда, керла а доцуш, амма юьхьанца дуьйна а хиллачу весетах лаьцна. И весет вай вовшийн дезаш хила деза аьлла ду. (Ткъа безам иштта бу: стигаларчу Ден весеташ лар а деш, вай лелар.) Иза шуна юьхьанца дуьйна а хезна долу весет ду, и лардеш шу лелийтархьама.
Выбор основного перевода