Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Эхарт а, хІаллакьхиллачийн дуьне а цкъа а Іаьбна цахиларе терра, адаман бІаьргаш а ца Іеба. Иштта долу гІуллакхаш лелочул, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсах тарлуш даха вай, вайн синан лаамаш муха кхочушбийр бара те бохуш, ойланаш а ца еш. Цхьана хенахь вай массо а Іийра оцу нахана юкъахь, вешан хьайна болчу лаамех а дуьзна. Вешан догІмийн а, ойланийн а хьарам болу лаамаш кхочушбора вай. Кхиболу нах санна, вайн амалшка хьаьжжина, Делан оьгІазло тІеян дезаш дерш дара вай. Іесалла а, дуьненан боьха лаамаш а дІа а тесна, собаре а, догцІена а, суьпа а лелаш кху заманчохь даха хьоьху вайна оцу дикалло.
Выбор основного перевода