Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
qac Шqac*ортта синпаргІато ю Хьан товрат-хьехам безачийн, ткъа уьш тасабалийта я галбовлийта хІумма а дац. Дукха яхІудхой баьхкинера Мартина а, Маремна а тІе церан ваша ЛаІзар кхалхар бахьана долуш кадам бан. ХІинца чул тІаьхьа вовшийн бехке ма де вай. Цул сов, вай ларло вешан динан вежаршна къинош лето а, уьш галбовлийта а меттиг ялийтарх а. Хьайн вешина хьарам хетарг а юуш, цунна халахетар деш хьо велахь, иза даггара везаш лелаш вац хьо. ХІаллак ма вехьа айхьа юучуьнца Дала леррина Къобалвинчо цуьнан дуьхьа Шен дахар дІаделларг. Вайна-м хаьа, ваьшна динан вежарий беза дела, вай, деллачуьра ден а делла, бакъдолчу дахаре девллийла. Ткъа шен ваша цавезарг хІинца а Іожаллин карахь ву.
Выбор основного перевода