Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Юьхьанца Дош дара. И Дош Делехь дара. И Дош Дела дара. И Дош юьхьанца Делехь дара. Иза юьхьанца дуьйна долуш дара. Тхуна иза хаза а хезнера, тхан бІаьргашна иза ган а гинера. Тхо цуьнга хьовса а хьаьвсинера, тхан куьйгаш цунах Іотта а деллера. Иза дахар луш долу Дош дара. Іийсас элира: «Иза бакъ ду, Суна хааделира стигалара, гІорасиза а хилла, стелахаьштиг санна, чудеана иблис. Ас шуна ницкъ белла, кхерам боцуш, шайтІанашна тІе, лаьхьанашна а, дІаьвше гезгашна а санна, ког баккха, шайн мостагІчун ницкъ хьаша. Шуна зене цхьа а хІума дац. Ас яздина шуьга, сан динан бераш, стигалара Да шуна вевзина дела. Ас яздина шуьга, дайшка, юьхьанца дуьйна волуш Верг шуна вевзина дела. Ас яздина шуьга, къонахошка, шу доьналла долуш долу дела а, Делан Дош шун даг чохь лаьтташ долу дела а, иблисал шу тоьлла долу дела а.
Выбор основного перевода