Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
ХІораммо а шен уллорачунна а, шен вешина а кхин Іамор дац: „Веза Эла вовза“, – бохуш, хІунда аьлча массарна а, хьалдолчунна тІера къечунна тІекхаччалц, Со вевзар ву, – боху Везачу Эло. – Цаьргара даьллачу вочунна Ас гечдийр ду, церан къинош кхин дагадоуьйтур дац Аса». Билггал бакъдерг гойту Са лур ду шуна, дуьнене тІеэцалур доцу, шена Иза ган а ца го дела а, И довза а ца девза дела а. Ткъа шуна девза Иза, И шуьца долу дела а, шуна чохь И хир долу дела а. Ткъа шуна гІо Дийриг, Шен Са, доуьйтур ду Сан Дас. Сан дуьхьа доуьйтур долчу цу Делан Сино хьоьхур ду шуна массо хІума а. Ас шуьга мел дийцинарг дага а доуьйтур ду Цо шуна. Ткъа шу Дала Вазвинчо къобалдина ду, цундела шуна массарна а бакъдерг хаьа.
Выбор основного перевода