Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Аса иза боху, хІунда аьлча дуккха а богІур бу Сан цІарах. Цара эр ду: „Со ву Дала леррина Къобалвинарг!“ Дукхахберш Іехор бу. хІунда аьлча цу заманчохь харцпайхамарш а, шаьш Дала леррина Къобалдинарш ду бохурш а гучубевр бу. Цара тамашийна гІуллакхаш а, тамашийна билгалонаш а гойтур ю, шайн йиш хилахь, Дала хаьржинарш Іехорхьама. Цо элира: «Ларлолаш, шаьш ле ма дайталаш, хІунда аьлча Сан цІарца дукха нах богІур бу: „Со ву Иза“ я „Хан тІекхочуш ю“, – бохуш. Царна тІаьхьа ма хІитталаш. Царна хилларг дерриг а вукхарна масал дало хиллера. Заманийн чаккхе тІекхаьчначу хенахь Іен долчу вайга, дІахьедар а деш, иштаниг ца дайтархьама яздина ду иза.
Выбор основного перевода