Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Цхьана стеган шина элан ялхо хила йиш яц. Цунна цхьа хІусамда везар ву, важа везар вац, я цхьанна хьесталур ву, ткъа вукхунах вешар вац. Цундела цхьаьний – Далла а, хьолана а ялхой хилалур дац шу». И хІунда ду иштта? Нагахь санна адамо шен синан лаамех дог дузахь, иза Делан мостагІа хуьлу. Делан хьехамийн Іедална муьтІахь ца хуьлу иза, мелхо а, царна муьтІахь ца хилало иза. ХІокху дуьненан ойланашца ма лелалаш, амма шайн хьекъал, метта а даладайтина, Деле карладаккхийта. ТІаккха бевзар бу шуна шайх лаьцна болу Делан лаам. Шуна хуур ду Далла хьалха диканиг а, Далла тамехь дерг а хІун ду а, Делан кхачаме лаам муха бу а. Тешам боцурш! ХІара дуьне дезар Делаца мостагІалла хилар дуйла ца хаьа шуна? Дуьненах шена доттагІа хила лууш верг Делан мостагІа хуьлу.
Выбор основного перевода