Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Амма хІокху Делах тешар а доцуш, къинойх дуьзначу дуьнен чохь, нагахь санна Сох а, Сан дешнех а эхь хетахь, Со а, Адамийн КІант, дІавоьрзур ву цу стагах, Сайн Ден олаллин нуьраца Делан маликашца схьавеача». массаьрга а, Да лоручу тайпана, КІант а ларийтархьама. ХІунда аьлча КІант ца лоручо Иза ваийтина волу Да а ца лору. ТІаккха элира Цуьнга: «Мичахь ву Хьан Да?» Іийсас жоп делира: «Я Со а ца вевза шуна, я Сан Да а ца вевза. Шуна Со вевзахьара, Сан Да а вевзар вара». Нагахь цхьаммо Іийса Делан КІант хиларх тоьшалла дахь, цуьнца Дела а ву, ткъа иза Делаца а ву. Іийса Дала леррина Къобалвинарг хиларх тешаш волу хІора а Делах схьаваьлла ву. Ткъа динан бераш кхуллуш волу Дела везачу хІоранна а Делах даьлла долу бераш а деза.
Выбор основного перевода