Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Ткъа Аса Дега доьхур ду, тІаккха Цо кхин „гІо Дийриг“ лур ву шуна, Иза абаде кхаччалц шуьца хилийта. Хьаьнга ялур ю царна кхел? Цхьаьнгге а! Дала леррина къобалвина Іийса вайн метта велла-кх. Цул сов, Дала ден а вина, Цунна юххехь аьтту агІор а хиъна, вайна тІера Деле доьхуш ву Иза. Дела цхьаъ бен вац, иштта Далла а, адамашна а юкъахь юкъарло лелош Верг а цхьаъ бен вац. И Стаг Дала леррина Къобалвина волу Іийса ву. Цундела Шегахула Далла тІевогІург Цуьнга кхоччуш кІелхьарваккхало, хІунда аьлча Иза гуттар а дийна ву, Цо доІанаш дийр ду Ша кІелхьарбохучарах. ХІунда аьлча Дала леррина Къобалвинарг билггала долчу уггар а Дезачух тардеш адамийн куьйгаша динчу Делан цІа чу ца вахана, ткъа стигала хьалаваьлла, хІинца вайн дуьхьа Далла хьалха хІотта.
Выбор основного перевода