Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Ас тІедиллина гІуллакхаш тІе а оьцуш, уьш кхочушдеш верг ву Со везарг. Ткъа Со везнарг Сан Дена а везар ву. Суна а везар ву иза, Аса Со гойтур ву цунна». Іийсас элира цуьнга: «Нагахь стагана Со везахь, цо Сан дош лардийр ду. Сан Дена иза везар ву, ткъа Вай и волчу а гІур ду, ваьшна хІусам а йийр ю цигахь. Дала леррина Къобалвинчун дош дуккха а дехийла шун даг чохь. Шайн мел долчу хьекъалца вовшашна хьехамаш а бе, вовшийн кхета а де. Шайн дегнаш чохь Далла баркаллаш а кхайкхош, назманаш а ала, эшарш а лекха, динан иллеш а ала. Дела цхьанна а, цкъа а гина вац. Амма вайна вовшийн дезаш хилча, Дела Ша а вайца ву, ткъа вайна чохь Цуьнан безам а билггал буьззина бу. Вайна чохь безам буьззина хилар иштта гучудолу: вай къематан дийнахь доьналла долуш хир ду, вай кху дуьнен чохь Иза санна лела дела. ХІунда аьлча Деле безам хилар – Делан весеташ кхочушдар ду. Ткъа Делан весеташ кхочушдан тІех хала а дац,
Выбор основного перевода