Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
ТІаккха Іийсас элира: «Аса сий до Хьан, Сан Да, стигаллий, латтий карахь долу Веза Эла, хьекъалчеххий, Іилманчеххий и хІума къайла а даьккхина, бер санна, догцІеначарна Ахьа иза дІаделларна. Ткъа шуна гІо Дийриг, Шен Са, доуьйтур ду Сан Дас. Сан дуьхьа доуьйтур долчу цу Делан Сино хьоьхур ду шуна массо хІума а. Ас шуьга мел дийцинарг дага а доуьйтур ду Цо шуна. Далла тешаме Верг а, Делан лаамехь Верг а тІе ца оьцуш, стаг вийна зуламхо кІелхьарваккха аьлла, дийхира аша. Делан Синца волчунна массо а хІуманан мах хадо хаьа. Ткъа цу стеган мах хадо цхьана а адаман йиш яц.
Выбор основного перевода