Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
ШолгІачу дийнахь, шена тІевогІу Іийса а гина, Яхьъяс элира: «Хьажал, ХІара Дала, кху дуьненара адамийн къинош тІе а лаьцна, уьш дІадахьа баийтина Іахар бу. Иза Кайбас ша-шегара ца элира. Амма ша цу шарахь динан коьрта да хиларна, цо Делера болу хаам бовзуьйтуш, аьллера, Іийса вайн халкъан дуьхьа лийр ву аьлла. Амма Дала Иза, Эла а, кІелхьардохург а вина, Шен аьтту куьйга айира, Исраилан халкъ, дохко а даьлла, Далла тІедерзийтархьама а, цу халкъана гечдархьама а. Къинойн гІуда такхаран сагІина Іийса дІавелира Дала. Іийсах а тешна, Цуьнан валар бахьана долуш, вайн къинойн гІуда текхна ду. Дала иза иштта къобалдира, хьалха летийна къинош Шен собарца таІзар ца деш а дуьтуш, Ша бакъ хилар гайтархьама. ХІинца йолчу заманахь а Ша бакъ хилар гойту Дала, Іийсах мел тешарг Шена хьалха бакъварца. Далла лиира Цуьнгахула стигалахь а, лаьттахь а долу дерриг а хІума Шеца тайта. ЖІара тІехь Іанийначу Шен КІентан цІийгахула царна а, Шена а юкъахь барт бира Цо. ХІунда аьлча дерриг а Шен дуьхьа а, дерриг а Шегара а Долчунна товш дара, дукхахберш сийлаллина тІебоьдучу новкъахула а буьгуш, уьш кІелхьарбохуш волу Баьчча баланех чекхваккхар. Нагахь ваьш летийначу къиношна вай даре дахь, Дала вайн къиношна геч а дийр ду, дерриг а бакъдоцучух вай цІан а дийр ду, хІунда аьлча Иза тешаме а, бакъ а ву. Бакъболу безам иштта бу: вайна Дела везар бахьанехь а доцуш, амма Далла вай дезарна, Цо Шен КІант ваийтира вайн къинош дІадахаран сагІа санна. Ткъа вайна ган а гира, вай тоьшалла а до Дас Шен КІант дуьнен чуьра адамаш КІелхьардохург санна ваийтина хиларх.
Выбор основного перевода