Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Захария
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Дерриг а лаьттан Паччахь ву Дела. Массара а говза назма Цунна ала. Массо а халкъашна тІехь Паччахь ву Дела. Шен езачу Іаршехь охьахиъна ву Дела. Веза Эла паччахьалла деш ву: дуьне доккхадеш хуьлийла! ХІордан йистехь мел дехаш долу къаьмнаш а сакъералуш хуьлийла! Схьа а дуьйлий, тоьшаллаш дІакховдаде. ГІуллакхах лаьцна вовшех дагадовла. Мила ву дукха хенахь дуьйна хьалха иза аьлларг? Мила ву ширачу заманашкахь хиндерг аьлларг? Со, Веза Эла, вац Иза? Со воцург, кхин дела вац, нийсонан Дела а, КІелхьардохург а. Кхин цхьа а дела вац. Суна тІедерза, тІаккха кІелхьардевр ду шу, дуьненан массо а маьІІера адамаш! Со Дела ву. Со воцург, кхин дела вац. Сайх чІагІо йо Ас, Сан багара схьадолург бакъ ду, Ас аьлла дош хийцалур дац: хІора а адам Суна хьалха горахІуттур ду, ткъа хІора маттахь Со къобалвина хир ву. Сох лаьцна дуьйцур ду: „Везачу Элехь ю нийсо а, ницкъ а“, – бохуш. Цунна тІе а баьхкина, юьхьІаьржачу хІиттина хир бу Цунна дуьхьалбевлла лелларш. «ТІекхочуш ю цхьа зама, – боху Везачу Эло, – Аса Даудан тІаьхьенах Сайн лаамехь волу цхьа зІийдаг кхиор йолу. Цо хьекъалца паччахьалла дийр ду, хІокху лаьтта тІехь нийсо а, бакъдерг а лелор ду. НеІалт хуьлда, шен жена юкъахь сакхт доцу боьрша уьстагІ боллушехь, Хьалдолу Эла волчу Суна и уьстагІ сагІина бан ша чІагІо йина йоллушехь, сагІина лерина сакхт долу дийнат дуьйш волчунна – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – ХІунда аьлча Со сийлахь-воккха Паччахь ву. Сан цІе а ю халкъашна юкъахь кхераме». вайна иштта ду: Дела цхьаъ бен вац вайн, Иза Да ву вайн, массо а хІума Цуьнгара хилла а ду, вай Цуьнан дуьхьа дехаш а ду. Иштта Веза Эла а цхьаъ бен вац вайн. Иза Дала леррина къобалвина Іийса ву, Цуьнгахула массо хІума хилла а ду, вай Цуьнгахула дехаш а ду. Цхьа Веза Эла а, цхьа тешар а, цхьаъ долу хих чекхдахар а ду. Массеран цхьа Дела а, Да а ву. Иза массарна тІехь а ву, массаьргахула болх беш а ву, массарна чохь волуш а ву. ВорхІалгІачу малико а Шен карара турба лекхира. ТІаккха стигалахь чІогІа аьзнаш девлира. Цара бохура: «Дерриг а дуьнен тІера пачхьалкх хІинца дуьйна вайн Везачу Элан а, Цо леррина Къобалвинчун а карахь ю. Цо ерриг а тІейогІучу заманна паччахьалла дийр ду».
Захария
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Выбор основного перевода