Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Захария
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Цул тІаьхьа цо со Делан цІенна чуволийла йолчу улло юхавалийра. Цигахь суна гира неІсагІина бухара арадолу хи. Иза малхбалехьа дІадоьдуш дара, хІунда аьлча Делан цІа малхбалехьа дІадирзина лаьтташ дара, ткъа хи цуьнан аьтту агІор йолчу агІонна кІелара арадолуш дара, сагІа доккхучу кхерчан къилбехьа йолчу агІонгара. Къилбаседехьа долчу кевнехула цо со ара а ваьккхина, арахьарчу новкъахула малхбалехьа дІадирзина долчу кевне валийра. Ткъа цигахь Суна гира, къилбера меллаша охьадогІу жима татол. И стаг малхбалехьа дІавоьдучу хенахь, цуьнан карахь юстаран тІийраг яра. Цо цхьа эзар дол меттиг дІаюьстира, тІаккха со цу хи чухула дІавигира. И хи сан хьакхолгана тІе кхочура. Кхин а цхьа эзар дол меттиг дІа а юьстина, цул тІаьхьа цо со хи чухула дІавигира. ХІинца и хи суна гоьллец дара. Кхин а цхьа эзар дол меттиг дІа а юьстина, цул тІаьхьа цо со хи чухула дІавигира. ХІинца и хи суна гІодаюккъе кхочура. Кхин а цхьа эзар дол дІаюьстира цо, амма хІинца хин бухехула со хих чекх ца ваккхалора, хІунда аьлча хи чІогІа лакхадаьллера. Нека деш бен хи чухула дехьа ца валаваллал кІорга дара и хи. Цул тІаьхьа цу стага соьга элира: «Къаьрзинчу бІаьргашца хьоьжуш ма вара хьо, адаман кІант!» Иза а аьлла, цо со цу хин йисте юхавалийра. Со юхавеача, цу хин йистошкахь шинна а агІор дуккха а дитташ гира суна. Цо соьга элира: «ХІара хи малхбалехьарчу метте дІадоьдуш ду, Іариба-тогІи чу а доьду, ткъа цул тІаьхьа иза Дуьрачу хІордах дІакхетар ду. ТІаккха оцу хІордан хи цІанлур ду. Къилбаседехьара деана эскар Ас шуна генадоккхур ду. Хи доцучу, баьссачу махка дІаэккхор ду Аса иза. Цуьнан хьалхара арданг Малхбале хІорда чу кхуссур ю, ткъа тІаьхьарниг – Малхбузе хІорда чу. ТІаккха цунах цхьа боьха хьожа йогІур ю, яхкаеллачу хІуманийн боьха хьожа хьалаетталур ю, цо шуна сийлахь гІуллакхаш дарна. Іийсас иштта жоп делира цуьнга: «Дала дина дика а хьайна довзахьара, хьайга хи доьхург мила ву а хаьахьара, ахь-айхьа доьхур дара Цуьнга хи. Ткъа Цо хьуна „дийна долу хи“ лур дара». ТІаккха малико суна гайтира шена чохь дахаран хи долу шовда. ЦІеначу ангалих тера цІена хи дара иза. Делан а, Іахаран а Іаршера схьадолура и шовда.
Захария
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Выбор основного перевода