Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Захария
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
ГалІад-махкарчу Тишаб-гІалара волчу Эли-ЯхІу-пайхамаро Ахьаб-паччахье элира: «Шена гІуллакх деш волчу а, дийна волчу а Исраилан халкъан Везачу Делах чІагІо йо аса, хІокху шерашкахь я тхи, я догІа хир дац аьлла, аса омра даллалц». Бешах дассийна латта дийр ду Аса, гаьннаш а хедор дац, охкур а яц, тІаккха цу тІехь коканан а, эртхан а коьллаш евр ю. Мархашна омра дийр ду Аса, беша тІе догІа ма даийта аьлла». Ткъа хьуна гІуллакх ца до пачхьалкхаш а, халкъаш а чекхдовллалц хІаллакдийр ду. Ас кхаа баттахь, ялта хьокху хан тІекхаччалц, догІа ца доуьйтура шуна. Цхьана гІалахь догІа доуьйтура Ас, ткъа вукху гІалахь ца доуьйтура. Цхьа кха дузадора догІано, ткъа важа, хин тІадам божаза, дакъалора. Ткъа Веза Эла дерриг а дуьненна тІехь Паччахь хир ву. Цу дийнахь цхьа Веза Эла бен Дела санна лорур вац, Цуьнан цІарца бен Деле кхойкхур бац. Юха Ярушалаймана дуьхьалдевллачу массо а халкъех биснарш хІора шарахь Паччахьна, массо а ницкъийн Везачу Элана, Іибадат дан а, адамаш кхалораш кІелахь Іаш долу деза денош даздан а схьаоьхур бу. Цу шиннан карахь ду, Делера болу хаам шаьш дІакхайкхочу деношкахь лаьтта тІе догІа ца даийтархьама, стигал дІакъовлар. Иштта цу шиннан долахь ду хиш – церан олаллехь ду царах цІий дар. Церан бакъо ю, шайна мосазза лии, муьлхха а тайпана долу ун Лаьттахь дІасадаржо.
Захария
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Выбор основного перевода