Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Захария
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
ХІинца оьгІазаллица а, йогучу дераллица а тІедогІуш ду Везачу Элан буьрса де. Лаьттах яьсса аре ян а, цу тІера къинош летийнарш дІабаха а догІуш ду и де. „Цхьа хан йогІур ю, хьан цІа чохь мел дерг а, хьан дайша кху дийне кхаччалц гулдинарг а Бавеле дІахьош. ХІумма а бухадуьсур дац, – боху Везачу Эло. – ЭхІ, ма де ду-кх иза! ХІунда аьлча герга ду Везачу Эло кхел ен де. Цу дийнахь Нуьцкъалчо дерриг хІума а хІаллакдеш болу ницкъ гойтур бу. Лакхийша маІа Цийон-лам тІехь! Орца даккхийша Сан безачу лам тІехь! Бегабойла хІокху мехкан берриг а бахархой, хІунда аьлча Везачу Элан де тІедогІу, иза герга ду. Ур-атталла ЯхІудан халкъо а тІом латтор бу Ярушалайм-гІалина дуьхьал. Гонахарчу массо а халкъийн бахам схьагулбина хир бу – боккхачу барамехь долу деши, дети, духарш. «Гур ду шуна, Аса бекхам бо де тІекхочур ду, ткъа иза йогу пеш санна хир ду. ТІаккха кураллаш еш берш а, харцонаш лелош берш а – берриш а ча санна хир бу, уьш тІедогІун долчу дийно багор бу, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – церан я орам, я гаьннаш дуьтур дац.
Захария
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Выбор основного перевода