Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Захария
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
ЦІеначу деших экъа е. Цу тІехь, мухІар тІехь санна, язде: „Везачу Элана къобалдинарг“. Чалбанан хьалхарчу агІор сийначу тІергаца дІатаса иза. АхІарона иза шен коьрта тІехь лело еза. Нагахь исраилхоша даьхна сагІанаш кхачам боцуш хилахь, нехан бехк цо шена тІе лоцур бу. Веза Эла оцу сагІанашна резахилийта, массо а ханна АхІарона шен коьрта тІехь лело еза и экъа. ТІаккха цІестан итт юьхь-куьг дуьлург йира Хьирама, уьш хІора а диъ дол барамехь яра. ХІора юьхь-куьг дуьлургана чу биъ бІе чами хи доьдура. Уьш оцу йина дІахІоттийна йолчу итт кІелхІотторгна тІе йиллира. Везачу Эло боху: «Цийонан йоІ, хьалагІатта, ялта ара! ХІунда аьлча Ас, аьчка маІаш а, цІестан бергаш а йолу сту санна, онда хуьлуьйтур ю хьо. Ахьа дукха халкъаш хІаллакдийр ду. Ахь цара нахера дІадаьккхинарг а, церан хьал а дерриге а дуьненан Олахо волчу Везачу Элана дІалур ду». Массо а ницкъийн Везачу Эло ларбийр бу уьш. Цара шайн мостагІий дІакхоллур бу, церан ширдолагийн тІулгаш а хьоьшур ду. Муьйлур ду цара, гІовгІанаш а йийр ю, чагІаро бахийча санна. Уьш бузур бу, сагІин кад санна, сагІа доккхучу кхерчан сенаш санна.
Захария
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Выбор основного перевода