Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Захария
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Беттан серло малхан серло санна хир ю, ткъа малхан серло ворхІазза сов сирла хир ю, цхьана денна чохь йолу ворхІ дийнан серло санна. И дерриг а хир ду Везачу Эло, Шен халкъана йина чов дІа а йихкина, Ша цунна динчу лазарна дарба дечу хенахь. Хьан малх цкъа а дІабузур бац, бутт кхин къайла а бер бац, хІунда аьлча Веза Эла хир ву хьуна гуттар а серло луш. Хьан баланийн денош чекхдевр ду. «Ткъа и де а, и сахьт а цхьанна а ца хаьа, я стигалара маликашна а, я КІантана а, Да воцучунна. хІунда аьлча цу заманчохь харцпайхамарш а, шаьш Дала леррина къобалдинарш бу бохурш а гучубевр бу. Цара тамашийна гІуллакхаш а, тамашийна билгалонаш а гойтур ю, шайн йиш хилахь, Дала хаьржинарш а Іехорхьама. Оцу гІалина иза серлаялийтархьама я малх, я бутт ца оьшу, хІунда аьлча Делан сийлаллин нуьро серлайоккху иза. Іахар а цуьнан къуьда бу. Оцу гІалин кевнаш дийнахь дІа а ца къовлу, цигахь буьйса хир йоцу дела.
Захария
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Выбор основного перевода